Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо





Скачать 204.68 Kb.
НазваниеДешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо
Дата публикации11.01.2015
Размер204.68 Kb.
ТипДокументы
100-bal.ru > Литература > Документы
Кхеторан кехат
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо гонахарчу дуьне болу кхетам а, цунах лаьцна долу хаарш а шордан а, боккхачу кхиамца оьрсийн а, кхин долу меттанаш а, дешаран предметаш а 1аморехь ненан маттахь г1ортор каро а. Цу шина матто дешар 1аморехь, кхетамца кхиарехь боккха аьтто бо.

Хьехархо декхарийлахь ду нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийга а, берашкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриозизман, халкъийн доттаг1аллин ойланехь дешархой кхетош-кхиор. Ишколехь ненан мотт хьехар меттан 1илманан буха т1ехь д1ахьош хила деза.

Ишколехь мотт хьехаран методех кхетаме пайдаэцар ца хилча цаторуш ду. Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцуш йолу коьрта методаш ю: 1) индуктивни, 2) дедуктивни, 3) индуктивно-дедуктивни, 4) дедуктивно-индуктивни, 5) барта а, йозанан а къамел кхиоран некъаш, иштга меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепаш.

Ненан меттан хьехархочо шен балха т1ехь пайдаоьцу меттан бакъдерш вовшашца дустаран кепех. Меттан цхьанатайпанарчу а, цхьанатайпанара доцчу а, терачу а, вовшех дозуш долчу а бакъдолчаьрца дустар далоран кепаш мотт хьехаран балха т1ехь пайде а, дика суртxIottoiiiа, берашна к1орггера хаарш луш а, мехала ю. Ч1ог1а мехала ду оьрсийн меттан бакъдолчаьрца ненан меттан бакъдерш дустаран кепах пайдаэцар.

VII—IX классийн ненан меттан программаша къастабо ненан мотг хьехаран белхан чулацам а, иштта цуьнан коьрта аг1онаш а. Цу aг1онех коьртаниг йозу ненан меттан, литература урокашкахь бераш 1амор, кхетош-кхиор вовшашца уьйр йолуш д1ахоттарах.

Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. ненан меттан суртх1отторан г1ирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а йовзийтар, цу мехалчу хазнех пайдаэцчадешархой 1амор нийса кхочушдандеза. Цуьнца цхьаьна ненан мотт хьехар д1ах1отто деза, дагахь ца 1амош, маь1нех кхетарца к1орггера хаарш долуш дешархой хирриг - нийсий, говзий.

Ненан мотт хьехаран декхар кхочушдарехь хьехархо декхарийлахь ву орфографи, пунктуаци, къамел кхиоран г1уллакхийн бух д1ах1отточу 1илманан хаттаршна т1е коьрта тидам хьовзо, кхечу деншашца аьлча, аьзнийн а, элпийн а таллам бан, дешан х1оттам талла, къамелан дакъош къасто, пред- ложенехь дешнийн уьйр нисъян хаа, предложени д1ах1оттам бовза, и. д1. кх. а.

Xlopaдакъа, xlopaтема 1аморо дешархошна ойлаярна а, кхетарна а, къамел кхиорна a гloдан декхар ду.

Ненан меттан урокашкахь къамел кхиор кхаа некъаца кхочушдеш хила деза. Уьш вовшех дозуш а, цхьа 1алашо кхочушъеш а ду.

Къамел кхиоран хьалхара некъ бу нохчийн литературан меттан норманаш 1амор, караерзор: литературни нийса аларан (орфоэпи) а, дошкхолладаларан а, дешшийн форманаш кхоллаяларае а, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1итторан а норманаш 1амор, караерзор; къамелан дакъойн, синтаксически конструкцийн стилистически таронех пайдаэцар. Программни материалаш йовзийтаран, 1аморан, караерзоран г1оьнца дешархой 1амо беза нохчийн литературни меттан фонетически а, морфологически а, синтаксически а, орфоэпически а, пунктуационни а, стилистически а норманаш йовза а, караерзо а, ларъян а. Ткъа синонимика стилистикан бух бу. Синонимийн мехалла сов йоккха ю, х1унда аьлча меттан хазна совъякххарехь а, бартан а, йозанан а къамел кхиорехь а, къамелан оьздангалла лакхаякххарехь а йокхха меттиг д1алоцу цара.

Стилистикин а, литературни меттан норманийн а, бартан а, йозанан а къамел кхиоран а, къамелан оьздангалла лакхаяккхаран а хаарш оьшучу барамехь алсамдахарехь синонимаш ч1ог1а оьшуш а, мехала а ю.

Къамел кхиоран шолг1а некъ лору дешархойн къамелехь дешшийн хазна алсамяккхаран а, меттан грамматически д1ах1оттаман а хаарш кхиор, к1аргдар. Ненан меттан урокашкахь дешархойн дешнийн хазна алсамъяккхар кхочушдо тайп-тайпана упражненеш ярций, изложенеш, сочиненеш язъярций, саццаза дешнийн маь1наш кьестош, довуьйтуш бечу балхаций, омонимаш, синонимаш, антонимаш, эпитеташ харжарций.

VII КЛАСС (105 сахьт)

Ненан маттах лаьцна дош (1 сахьт).

V-VIклассашкахь 1амийнарг карладаккхар (3 сахьт): билгалдош, ц1ерметдош, хандош, церан билгалонаш.

Хандош а, цуьнан кепаш а (36 сахьт)

I. Хандош 1амор (14 сахьт).

VI классехь хандашах 1амийнарг карладаккхар.

Хандешан саттамаш. Билгала саттам. Бехкаман а, лааран а саттамаш. Т1едожоран саттам.

Хандешан спряженеш. Хандешан билгалзачу кепан ораман мукьа аьзнаш карарчу хенан орамехь хийцадалар, церан нийсаяздар.

Хандешнийн кхолладалар.

Деакепара хандешнаш, шайца долу подлежащеш ц1ерниг; дийриг, лург, меттигниг дожаршка х1уьттурш. Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца нийсаяздар.

Причасти (10) сахьт

Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Причастин хенаш, церан суффиксаш нийсаязъяр.

Лаамаза а, лааме а причастеш.

Причастин карчам, цуьнан синтаксически г1уллакх, цуьнца сацаран хьаьркаш.

Причастийн легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Причастин кхоллаялар.

Деепричасти (6 сахьт)

Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр.

Деепричастин карчам а, цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнца сацаран хьаьркаш а.

Масдар (7 сахьт)

Масдар а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Масдаран терахь а, классаш а, кепаш а.

Масдаран легар, дожарийн чаккхенаш.

Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Масдаран а, цуьнан карчамийн а синтаксически г1уллакх.

Хандешан латтаман кепаш, церан карчамаш (кхетам балар) (1 сахьт).

Хандош а, цуьнан кепаш а морфологически таллар, уьш карлаяхар (1 сахьт).

Къамелехь хандешнех, церан хенех, хандешан шатайпанарчу а, латгаман а кепах пайдаэца хаар. Хандешнийн синонимех, антонимех нийса пайдаэца хаар. Хандешан билгалзачу кепан а, лаамазчу причастийн а чаккхенгара мукъа аз манкха (мерах) нийса ала а, яздан а хаар.

Куцдош (14 сахьг)

I. Куцдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а (морфологически а. синтаксически а).

Куцдешнийн тайпанаш, церан хаттарш, маь1наш.

Куцдешнийн коьрта тайпанаш: 1) хенан, 2) меттиган, 3) бахьанин, 4) 1алашонан, 5) мухаллин (я даран суьртан), 6) масаллин,7)бараман.

Куцдешиийн цу коьртачу тайпанел сов, xlapaтайпанаш а довзийтар: 1) хаттаран куцдешнаш: маца? мацале?маццалц? xlyндa? мича? мосазза? муха? 2) юкъаметтигаллин куцдешнаш: изза куцдешнаш, хаттаран маь1на хийцалуш, чолхечу предложенин шина декъан юкъаметгиг гойтуш хилахь: маца, мацале, маццалц, xlyндa, мича, мичара, мосазза, муха.

Куцдешан синтаксически билгалонаш (куцдешнех предложенехь тайн-тайпана латтамаш хилар: хенан куцдашах хенан латтам, меггиган куцдашах меттиган латтам, бахьанин куцдашах бахьанин латтам, 1алашонан куцдашах 1алашонан латтам, даран суьртан куцдашах дарам суьртан латтам).

Куцдешнийн даржаш: 1) юьхьанцара, 2) дустаран, 3) т1ехдаларан.

Куцдешнийн кхолладалар (ц1ердашах, билгалдашах, терахьдашах, ц1ерметдашах, куцдашах).

Куцдешнийн нийсаяздар.

Куцдош морфологически таллар.

Куцдош карладаккхар.

И. Къамелехь куцдешнийн синонимех, антонимех пайдаэца хаар. Куцдешнашца предложенеш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а х1итто хаар. Чолхечу предложенехь юкъаметтигаллин куцдашах пайдаэца хаар.
Г1уллакхан къамелан дакъош

Дешт1аьхе (5 сахьт)

  1. Дешт1аьхье а, цуьнан тайпанаш а: 1) меттиган: класса чохъ; 2) хенан: хьол хьалха, сов т1аъхьа; 3) даран суьртан: куьйгаш т1ехь лелаво; 4) 1алашонан: халкъан дуъхьа, дайн-нанойн хьомара; 5) юкъаметтигаллин (хенан а, меттиган а): делкъахъ дуьйна, корера дуьйна.

Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр.

Дешт1аьхьелургдожаран яцйинчу а, юьззинчу а кепашца лела тарлуш хилар: 1) дитташ т1ехъ (лург дожаран яцйинчу кепаца), 2)дитташна т1ехъ (лург дожаран юьззинчу кепаца).

  1. Барта къамелехь а, йозанехь а дешт1аьхьенех нийса пайдаэца хаар. Дешт1аьхье хьакъ долчу дожарца нийса ала хаар.

Хуттург (4 сахьт)

1. Xуттург, цуьнан тайпанаш: 1) цхьаьнакхетаран: а-а, я, амма, ткъа, делахь а. бакъду, цхъабакъду, xlemmeа, аьлча а (дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а); 2) карара; 1) бахьанин:х1унда аьлча; 2) бехкаман: нагахь, нагахь санна; 3) дустаран: санна; 4) кхеторан: аьлла, бохуш.

II. Цхьана тайпанарчу меженашкахь а, чолхечу предложенехь а хуттургех, церан синонимех нийса пайдаэца хаар.

Дакьалгаш (5 сахьт)

  1. Дакьалгаш а, церан маь1на а.

Дакъалгийн тайпанаш: 1)бакъдаран (х1аъ, те); 2)дацаран х1ан-xla, ца, ма, -ц, -за); 3) ч1аг1даран (-м, -х, -кх, -ма, -ма, хьа-ха, дера, ур-атталла); 4) хаггарап (те, техьа, теша, ткъа); 5) дозатохаран (бен, деккьа).

  1. Тайп-тайпанчу дакъалгашца йолу предложенеш, церан маь1нийн башхаллашка хьаьжжина, нийса еша хаар.

Айдардош (4 сахьт)

I. Айдардешан маь1на а.

Айдардешнийн тайпанаш: 1) синхаамийн (эxl, эхх1ай, эх1е-х1ай, 1алелай, ойп, маржа-я1) 2) хьадаран я кхайкхаран (же, но, хьайц, киш, тигри-тигри, тикаш-тикаш, xlaн, xlaxlaни); 3) азтардаран (гап, дат, дап-дип, гап-гип, mloxl-mlux, ж1ашт,довв, говв, б1овв).

Айдардешнийн нийсаяздар.

II. Айдардешнашца йолу предложенеш къастош, кхетош, нийса еша хаар.

Дозуш долу кьамел кхиор (10 сахьт)

Текстах, цуьнан дакъойх, кьамелан стилех, тайпанех лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

Къамелан публицистически (юкъараллин-политически) стилех юкъара кхетам балар.

Адаман куц-кеп, бедар, къинхьегаман г1уллакхаш гойтуш йолу дийцаран текстийн юьззина а, яцйина а, хаьржина а изложенеш язъяр.

Адаман куц-кеп, бедар, къинхьегаман г1уллакхаш гойтуш йолу сочинени язъяр (суьртийн а, бинчу тидамийн а г1оьнца). Масала: «Сан накъостан (я доттаг1чун) куц-кеп а, кечвалар а», «Г1уллакх говзанчех кхоьру», «Керла ц1а муха дира», и. д1. кх. а.

Литературни турпалхочун г1иллакх-амал язъяр.

Дсшархошна дахарехь зеделлачун буха т1ехь къовсамечу кепара йолчу теманашна а, хьаналчу къинхьегаман маь1на долчу тайпанара а сочиненеш язъяр (ешначу книгех а, юкъараллин-пайдечу къинхьегамах а лаьцна). Масала: «Бакъволу доттаг1а мила лара мегар ду», «Диканаш иштта хуьлу» (я «Оьздачара иштта г1уллакх до»), «Тешамал сийлахь а, йохьал деза а, г1иллакх-оьздангаллел товш а х1ума дац», «Мехкан а, халкъан а сий лардар сийлахь ду», «Хьаналчу къинхьегамо адаман сий лакхадоккху», «Белхалочун говзалла а, цуьнан къинхьегаман сий а деза х1унда лору», «Нохчийчоьнан парг1атонехьа къийсинчу турпалхочун васт» и. д1. кх. а.

Билгалйинчу сюжетан буха т1схь а, бинчу тидамийн суьртийн г1оьнца а, дийцаран хьесапехь сочинени язъяр. Масала, кху кепара теманашна: «Юьртабахаман балхахь дешархой», «Хаза экскурси», «Отличник хьанах ала мегар ду», «Сан дахарехь диц ца луш хилларг», «Халкъа юкъахь доттаг1алла сийлахь х1унда лору», и. д1. кх. а. Патриотически а, интернациональни а чулацам болу сочиненеш язъяр.

Коьрта хаарш

VII класс чекхйолуш дешархойн xlapa хаарш хила деза:
VII классехь 1амийна коьрта а, г1уллакхан а къамелан дакъош довзар, нийса къесто хаар.

Причастин, деенричастин карчамашца йолу а, 1амийнчу хуттургашца цхьанатайпанара йолу а, йоцу а предложенин меженан а, чолхе предложенеш а синтаксически таллар. Причастин, дсенричастин карчамашца предложенеш х1итгор.

VI—VII классашкахь 1амийнчу материалца йог1уш иолу орфограммаш карор, дешнийн нийсаяздаран некъаш, бахьанаш билгалдаха хаар.

Причасти, деепричастин карчамаш запятойшца къастор.

язъяр

VIII КЛАСС (68 сахьт)

Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу (1 сахьт).

V-VII классашкахь 1амийнарг карладаккхар (4 сахьт): 1) фонетика. И элпан нийсаяздар. Дешан чаккхенга н яздар.

  1. Ц1ердешан, билгалдешан, хандешан, куцдешан синтаксически г1уллакх. Лексика, фразеологи, дошкхоллар.

  2. Орфографи, цуьнан дакьош. Дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а нийсаязъяр. Предложенин тайпанаш карладахар. Дашна хьалха ст яздар.

СИНТАКСИСАХ ЛАЬЦНА ЮКЪАРА КХЕТАМ

Дешнийн цхьаьнакхетар а, цредложени а (10 сахьт)

    1. Дешнийн цхьанакхетар. Дешнийн цхьанакхетаран д1ах1оттам а, маь1на а. Дешнийн цхьанакхетарний, предложениний юккъера башхо. Коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложени, цуьнан тайпанаш. Логически (маь1нин) тохар (5 сахьт).

Предложенехь дешнийн уьйр. Цхьанакхетаран а, карара а уьйраш. бартбар. урхалла, т1етовжар (5 сахьт).

    1. Дешнийн цхьанакхетар а, предложени а нийса xloттoхаар.

Предложенин коьрта меженаш (10 сахьт)

      1. Подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Грамматически а, маь1нин а подлежащеш. Коьрта меженаш юкьаялор хьаьжжина цхьалхечу предложени кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, кхаах1отгаман, цхьанах1оттаман а). Подлежащин хилар. Хандешан цхьалхе сказуеми. Ц1еран х1оттаман сказуеми. Подлежащиний, сказуеминий юккьехь тире. Хандешанх1оттаман сказуеми. Ийна х1оттаман сказуеми.

      2. Сказуемин синонимех пайдаэца хаар.

Коьрта меженаш юкьаялоре хьаьжжина, цхьалхечу предложенин кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а).

Предложенин коьртаза меженаш (12 сахьт)

        1. Кхачамаш, церан хилар. Къастамаш, церан хилар. Юххедиллар, цуьнгахь сацаран хьаьркаш. Латтамаш (хенан, меттиган, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман, дуьхьалара), церан хилар.

        2. Кьамелехь предложенин коьртазчу меженех а, церан тайпанех а нийса пайдаэца хаар. Церансинонимех, антонимех пайдаэца хаар.

Предложенин цхьанатайнара меженаш (5 сахьт)

I. Предложенин цхьанатайнара меженаш, яьржина цхьанатайнapaмеженаш.

Цхьанатайпанарчу меженашкахь дозаран а, кьасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а хуттургаш: а-а, амма, ткъа, делахъ а, бакъду, цхъабакъду, xlemmeа, аьлча а. Хуттурган суффиксаш: й, н эшарца (интонацица) цхьанакхеташ йолу цхьанатайнанара меженаш (карладаккхаран хьесапехь).

Цхьанатайпанарчу меженашкахь сацаран хьаьркаш.

Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш, юкъарчу дешнашца йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу а, цхьанатайнара боцчу а къастамашкахь сацаран хьаьркаш.
II. Цхьанатайпанарчу меженашца а, юкъарчу дсшнашца а йолу предложенеш дагардаран эшарца (интонацица) нийса еша хаар.

Предложенин шакъаьстина меженаш (5 сахьт)

  1. Предложенин шакъаьстинчу меженех лаьцна кхетам балар.

Причасти, карчамаш. Причастин карчамах къастам, деепричастин карчамах латтам хилар.

Шакьаьстина юххедиллар а, цуьнгахь сацаран хьаьркаш а. Латтаман дурс (латтам буьззина нийса билгалбаккхар).

Хенан а, меттиган а латтаман дурсаш, церан нийсаяздар.

Предложенин шакъаьстина меженаш карлаяхар.

  1. Предложенин шакъаьстииа меженаш эшарций (интонацица), соцунг1иций (паузица) нийса еша хаар. Шакъаьстинчу меженех а, церан синтаксически синонимех а пайдаэца хаар. Юххедиларца шакъаьстина юххедиллар дуста а, хийца а хаар.

Цхьалхечу предложенин кепаш (7 сахьт)

Шинах1оттаман я кхаах1оттаман предложени — юьхьан предложени (шена чохь шиъ я кхоъ коьрта меже хуьлуш йолу).

Цхьанах1оттаман предложенеш: билгала-юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, ц1еран, юьззина йоцу предложенеш.

Коьртаза меженаш юкъаялоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш яьржина а, яржаза а хилар.

Дешнаш юкъадалоре-цадалоре хьаьжжина цхьалхе предложенеш юьззина а, юьззина йоцуш а хилар. Предложенин кепаш, тайпанаш цхьаъ цахиларх кхетам балар.

II. Цхьалхечу предложенийн кепийн башхаллаш йовзар, царах нийса пайдаэца хаар.

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш

(4сахьт)

I. Т1едерзар, даьржина т1едерзар. Т1едерзар а, подлежаши а вовшашца дустар, башхалла къастор. Уьш муьлхачу къамелам дакъойх хуьлу довзийтар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш.

Юкъадало дсшнаш, уьш шина aaг1opзапятойшца къастор.

Юкъаяло предложенеш а, сацаран хьаьркаш х1иттор а.

Х1аъ, xlaн-xlaбоху дешнаш-предложенеш, цаьргахь сацаран хьаьркаш.

Айдардешнаш-предложенсш, цаьргахь сацаран хьаьркаш.

II. Предложеница грамматически уьйр йоцчу дешнех пайдаэца а, уьш эшарца (интонацица) нийса деша а хаар. Къамелехь синонимически долчу юкъадалочу дешнех пайдаэца хаар. Предложенин дакъошкахь уьш дагардарехь уьйран г1ирсан кепара юкъадалочу дешнех пайдаэца хаар (масала, кху юкъадалочу дешнех: цхьана aгlop, вуьсу аг1ор, масала, цкъа-делахъ, шозлаг1а-делахь, кхозлаг1а-делахъ, и. д1. кх. а.)

Грамматически талларш (3 сахьт)

I. Грамматически талларш, уьш кхочушдар.

II.Тайп-тайпанчу грамматически талларех пайдаэца хаар.

1амийнарг карладаккхар (4 сахьт)

Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.

Предложенин цхьанатайнара меженаш.

Предложенин тайпанаш, цхьалхечу предложенин кепаш.

Грамматически талларш.

Дозуш долу къамел кхиор (7 сахьт)

Коьрта хаарш

VIII класс чекхйолуш дешархойн хила деза xlapa хаарш:

Дешнийн цхьаьнакхетарш, цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически таллар. Тайп-тайпанчу грамматически талларех пайдаэца хаар.

Шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций чолхеяьхна цхьалхе предложенеш х1иттор. Къамелан чулацамца а, стилаца а йог1уш йолчу синтаксически синонимех пайдаэцар.

Литературни меттан норманаш (бакъонаш) ларъяр.

  1. класссхь 1амийна пунктограммаш карор, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор къасто а, довзийта а хаар.

Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йиллар.

V-VIII классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийсаяздан а, довзийта а хаар. Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар.

Текстан стиль къасто хаар. Меттиган а, памятникийн а сурт гойтуш йолу изложени (дийцаран текст) язьян хаар.

Сочинени язъян хаар (масала: литературни турпалхойн г1ил- лакх-амал дустаран маь1нехь гайтар, меттиган (юьртан, гlaлин, , хьуьнан), памятникан сурт гойтуш язьян хаар).
IX класс(34 сахьт)
Чолхечу предложенин синтаксис
VIII класссхь 1амийнарг карладаккхар (1 сахьт).

Чолхе предложенеш (1 сахьт).

Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш (4)

    1. Чолхе-цхьаьнакетгачу предложених лаьцна юкъара кхе там.

Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а хуттургаш: а-а, я, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, xlemmeа; чолхе-цхьаьнакхеттачу прсдложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор.

    1. Чолхе-цхьаьнакхетга предложенеш х1итто а, нийса еша а, цаьргахь цхьаьнакхетаран хуттургех пайдаэца а хаар.

Чолхе-карара предложенеш (10 сахьт)

  1. Чолхе-карарчу предложених, цуьнан билгалонех лаьцна кхетам балар. Коьрта a, т1етуху а предложенеш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, т1етухучу а предложенийн уьйран г1ирс: карара хуттургаш, хуттурган (юкъаметгигаллин) дешнаш. Карара хуттургаш:x1yндa аълча, нагахъ, нагахъ санна, бохуш, аьлла. Кхеторан хуттургийн маь1на къастор, довзийтар. Хуттурган (юкъамсттигаллин) дешнаш: 1) юкъаметтигаллин куцдешнаш: маца, мацале, маццалц, x1yндa, муха, мича, мичара, мосазза, и. д1. кх. а. Чолхе-карарчу предложенешкахь сацарам хьаьркаш. Т1етухучу предложенин грамматически билгалонаш.

Т1етухучу предложенийн кепаш:

    1. кхачаман г1етуху предложенеш;

    2. къастаман т1етуху предложенеш;

    3. хенан т1етуху предложенеш;

    4. бахьанин т1етyxy предложенеш;

    5. 1алашонан т1етyxy предложенеш;

    6. даран суьртан, бараман т1етyxyпредложенеш;

    7. бехкаман т1етуху предложенеш.

  1. Чолхе-карара предложенеш х1итто а, цаьргахь карарчу хуттургех, хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнех пайдаэца а хаар.

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш (2 сахьт)

1.Хуттургаш йоцчу чолхсчу предложених кхетам балар. Ху ттургаш йоцчу чолхсчу предложенешкахь запятой а, запятойца т1адам а. Церан дакъойн маь1нин юкъаметтигаш къасто хаар: ца хилча цаторуш йолу ч1ог1а уьйр хилар, вовшашца к1езиг- уьйр хилар, ша-ша къастийча, кхачаме долуш маь1на хилар.

II. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенийн дакъойн тайп-тайпана маь1нийн юкъаметтигаш эшарца (интонацица) къасто а, уьш нийсаязъян а хаар.
Маттах лаьцна юкьара хаамаш (4 сахьг)

Юкьараллин дахарехь меттан маь1на а, цуьнан коьрта билгалонаш а. Меттан 1илманан дакъош а, цуьнан маь1на а.

Карладаккхар (2 сахьт)

Дозуш долу къамел кхиор (10 сахьт)

Текстах, теманах, цуьнан коьргачу ойланех лаьцна болу хаамаш бовзар; текста» дакъойн вовшашца йолу уьйр йовзар; дийцарх, къамелан стилсх лаьцна болу хаамаш к1аргбар.

Юкъараллин-политически а, г1иллакх-амалийн а, историко-литературни а теманашна публицистически кепара сочиненеш язъяр (масала: «Диканаш даима а хьалха хуьлу», «Суна дукхавезаш волу литературни турпалхо», «Мила а, муха а хила веза», «Нохчийчохь халкъийн дотгаг1аллий, культурни а, социально-экономически а кхиаррий», «Турпалхой вайна юххехь бу», и. д1. кх. а).

Историко-литературни темина доклад я реферат язъяр.

Литерачурно-критически статьян конспект а,тезисни план а язъяр.

Коьрта хаарш

IX класс чекхйолуш дешархойн xlapa хаарш хила деза:
Чолхе предложенеш талла хаар. Тайп-тайпанчу кепара чолхе предложенеш х1итто а, къамелан чулацаме а, стиле а хьаьжжина, синтаксически синонимех пайдаэца а хаар. Текстан стиль а, тайпа а къасто хаар.

Литературни меттан норманаш ларъян хаар.

VIII-IX классашкахь 1амийна пунктограммаш каро а, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор кьасто а, талла а, довзийта а хаар. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин дакъошна a, коьртачуй, т1етухучуй предложенешна а юккъе запятой йилла а, хуттургаш йоцчу а, тайп-тайпапчу юкъаметтигийн а, маь1нийн а дакъойх лаьттачу чолхечу предложенешкахь а, ма-даррачу къамелехь а, диалогехь а, цитаташкахь а сацаран хьаьркаш х1итто хаар.

VII-IX классашкахь 1амийичу орфограммашца долу дешнаш нийса яздан а, уьш яздаран бакъонаш йовзийта а хаар.

Историко-литературни тема йолу доклад кечьян а, ян а хаар. Йоккха йоцчу литературно-критически статьян тезисаш я конспект х1отто хаар. Публицистически (юкъараллин-политически) кепара сочинени язъяр.

Сочиненин чулацам а, меттиган говзалла а шаръеш, тоеш, нисъеш кхочушъян а, орфографически, пунктуационни, грамматически, стилистически г1алаташ каро а, нисдан а хаар.

Добавить документ в свой блог или на сайт

Похожие:

Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconИнформация о проведении Месячника чеченского языка и литературы в...
«Даймехкан 1алам», классные часы «Ненан меттах лаьцна дош», конкурс чтецов «Къона поэт», уроки – беседы о чеченском языке «Язык народа...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconУрок. Урокан ц1е: Ненан маттах лаьцна дош
Мотт юкъараллин г1ирс бу х1унда аьлча, вай юкъараллехь дехаш ду: цхьаьна доьзалехь а, куьпахь а, школехь доьшуш болу дешархой а,...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconОтчет о научно-исследовательской работе института развития образования
Овхадов М. Р., Абдулкадырова Р. А., Махмаев Ж. М. «Нохчийн мотт», учебник чеченского языка для 6 кл
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconУрокан ц1е
Шайн турпалхойн васташца йовзийта цара адамийн амалш, к1орггерчу говзаллица 1амадо дахарехь диканиг къасто а, вочух лардала а. Яздархойх...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconПрограмма по формированию навыков безопасного поведения на дорогах...
Программо предметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, нохчийн мотт 1аморан 1алашонца цхьаьна...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconРоссийской Федерации Самарский государственный архитектурно-строительный...
«Информационные системы», по специальности 23201 «Информационные системы и технологии», ут­вер­ж­ден­ным Министерством образования...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconБатя мой крутой столяр, в дырку тыкал, я стоял. Пора профессию менять...
Исус (м н.) на Земята наближава. Тези знамения са ни разкрити в Корана, хадисите на Пророка Мохамед (с а с.) и твърденията на множество...
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан матто ден г1уллакх ч1ог1а мехала ду. Ненан маттахь ечу ойлано 1амочух кхета гloдо берашна. Ненан мотт хааро дешархошна гloдо iconУчебно-меТОДИЧЕское объЕДИНЕние по обРАЗОВАнию в области...
Это достигается обучением студентов методам анализа радиотехнических сигналов, ознакомлением с характеристиками...


Школьные материалы


При копировании материала укажите ссылку © 2013
контакты
100-bal.ru
Поиск